Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Хьо тхан дайшца чІогІа собаре вара. Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа. Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хІиттийна, оцу пайхамаршкахула царна дІахьедора Ахь. Амма цара ла ца дугІура, цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дІабелира. Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хІумма а дац. Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара. ХІунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву, ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цІе. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тІулган дегнаш дІа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна.
Выбор основного перевода