Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. Іийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хІара ду: „ЛадогІа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву! «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Іелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац. Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар. Цу тайпана цІушна сагІина еанчу юучу хІуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цІу хІумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а. вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хІума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Іийса ву, Цуьнгахула массо хІума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду.
Выбор основного перевода