Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хІунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хІунда гІерта шу?» – бохура Мусас нахе. Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?» Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХІун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хІара дахлахь, цара суна тІулгаш деттар ду». Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тІаьхьа а хІиттабай, халкъана хьалхāхула чекхвала. Айхьа Нил-хи тІе тухуш лелийна Іаса хьайн кара схьаэца. Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас. Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш. Іийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“».
Выбор основного перевода