Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». «Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. Цунна лаьа ас тахана хьайна тІедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг! Хьуна дІахезначу дерригенан а жамІ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хІунда аьлча хІора адамна тІедиллина декхар ду иза.
Выбор основного перевода