Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Іеха ма далийталаш, Везачу Элах дІа а дирзина, кхечу деланашна гІуллакх а деш, Іибадат а деш дІахІиттарх. Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. Кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитта, царна Іамал ярхьама а, Іибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгІаз. ТІаккха Аса зен дийр дац шуна“.
Выбор основного перевода