Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дІахададейша, ма хилийша кхин дІа а юхахьара. Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тІаьхьенан диканна а хир ду. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тІулган дегнаш дІа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса.
Выбор основного перевода