Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. Хало шайна тІееача, тІаьхьо и дерриг а шайна тІенисделча, шу шайн Везачу Далла тІедоьрзур а ду, Цо бохучуьнга аша ла а дугІур ду. Амма шу, Суна тІе а дирзина, Сан весеташ тІе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дІаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Іибадат дайта а, Со шуьца Іан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
Выбор основного перевода