Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара латта Ас хІинца шуна дІалуш ду. Чу а гІортий, шайн дола даккха и латта, хІунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тІаьхьа йолчу церан тІаьхьенна а дІалур ду аьлла ваІда дина латта ду иза“». Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гІуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цІарах бен дуйнаш ма баалаш. Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Цо вайн синош а дийна дитина, вайн когаш а бега ца байтина.
Выбор основного перевода