Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неІалт кхайкхор. Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, шу декъалдина хир ду. Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догІахь, тахана ас весет деш болчу некъа тІера шу дІадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тІаьхьа шу хІиттахь, шуна неІалт кхайкхор ду. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Уьш Везачу Эло Шен чІогІачу оьгІазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тІера дІа а даьхна, кхечу лаьтта тІе кхийсина, хІинца вайна гуш ма-дарра“. «Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву!
Выбор основного перевода