Амма шу, Суна тІе а дирзина, Сан весеташ тІе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дІаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Іибадат дайта а, Со шуьца Іан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера.