Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттийча, тхо гІенах лелаш санна дара. КхидІа а юхаметтахІиттадехьа тхо, Веза Эла, якъаеллачу аренгахь Іовраш хецар санна. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш. Ас язйийр ю Сайн сийлахь цІе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу – аша и цІе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, – боху Хьалдолчу Эло, – шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича.
Выбор основного перевода