Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аша со вехь, шу цхьана хІуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цІий шайх а, хІокху гІаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хІунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дІахазийта». ТІаккха хаьттира хІордахоша Юнусе: «Дийцахь, хьенан бехк болуш беана вайна тІе хІара беза бала? Хьо хІун лелош ву? Стенгара вогІу хьо? Мичахь бу хьан мохк? Муьлхачу къомах ву хьо?» – бохуш. ТІаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хІаллак хІокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хІара стаг бехке вацахь, цуьнан цІий тхох ма хьарчадехьа, хІунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», – бохуш.
Выбор основного перевода