Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена тІехь Со Іаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хІунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Іаш ву“». ГІай-гІалин паччахь, дитта тІе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаІа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тІера охьа а даккхийтина, гІалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тІаьхьа, докъана тІе тІулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хІинца а йолуш ю. Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тІехь хьалаоьхкира ЮшаІа. Сарралц цу дитташ тІехь кхезира уьш. Малх чубузучу хенахь ЮшаІа омра а дина, дитташ тІера схьа а даьхна, уьш дІалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тІулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Іохкуш ду уьш. И дерриг пІераскан дийнахь хиларна, догІмаш жІарана тІехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хІунда аьлча тІедогІуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жІарах дІатоьхна болчеран настарш каг а йина, жІараш тІера церан догІмаш дІадахийтахьара аьлла. Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла.
Выбор основного перевода