Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цІанвеллачул тІаьхьа, и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхІ де доккхур ду цо. ВорхІалгІачу дийнахь ерриг а шен месаш дІайошур ю цо: корта а, маж а, цІоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тІаьхьа Далла хьалха цІена хир ву иза. Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цІеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхІалгІачу дийнахь дІабаша беза цо, хІунда аьлча цу хенахь иза юха а цІанлур ву.
Выбор основного перевода