Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Цунна и валлалц тІе тІулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цІийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дІаверзийта уьш гІерта дела. Иза дІа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТІаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.
Выбор основного перевода