Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІетахь Везачу Эло Левин тайпа дІакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тІорказ дІасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гІуллакх дайтархьама а, Цуьнан цІарах декъалдарш дІакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хІинца а иштта схьадогІуш ду. Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. И гІуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа. Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тІедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тІера я аьтту, я аьрру агІор ма довлалаш.
Выбор основного перевода