Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мерарихо волчу Хьосин кІентий хІорш бара: коьртаниг – Шимра (дуьххьарлера доьзалхо воццушехь, дас коьртаниг вина дІахІоттийнера иза), Махьалата РахьбуІамна кІентий бира: ЕІуш, Шамар-ЯхІу, ЗахІим. Махьалатал тІаьхьа Абушаламан йоІ МаІха ялийра шена РахьбуІама. Аби-ЯхІу, Атай, Зиза, Шалумати цІераш йолу кІентий бира МаІхас РахьбуІамна. МаІха шен массо а зудчул а, гІарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуІамна. Цуьнан берхІитта зуда а, кхузткъа гІарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархІ кІант а, кхузткъа йоІ а йинера цунна. Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дІахІоттийнера РахьбуІама МаІхин кІант Аби-ЯхІу, хІунда аьлча иза шел тІаьхьа паччахь хІотто дагахь вара РахьбуІам.
Выбор основного перевода