Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн гІаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хІунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Шун кха тІехь ялта чудерзош шуна цхьа цІов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гІуллакхаш тІехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. Шун лаьтто схьаделлачух массо а хІуманах уьтталгІа дакъа дІакъастийча, кхозлагІчу шарахь, уьтталгІа дакъа дІадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дІало, цаьрга шайн гІаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а. Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. Декъала ву гІийлачун гІайгІа беш верг! Холчу хІоьттича, Везачу Эло паргІатвоккхур ву иза. Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода