Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цІа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае». Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гІуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац. Къеелла а, экхано цистина а хІума йиънарг, исраилхо я тІевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза, цул тІаьхьа цІена хир ву. Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву. ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама». ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хІума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла».
Выбор основного перевода