Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.
Выбор основного перевода