Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догІмаш тІехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла. Шайн кортош дІадаша а, мажойн йистош ларга а, дегІ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна. ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. МицІпа-гІала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кІен сагІанаш а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а яхьаш, Везачу Элан цІа долчохь сагІа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дІаяьшнера, шайна тІера хІуманаш а этІийнера, шайна чевнаш а йинера. Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга. Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. И бохург хІара ду: ИбрахІиман дегІах а, хотІах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваІданца схьабевлларш бен. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга». Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца шу массо а Делан кІентий ду.
Выбор основного перевода