Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. Дала мацаллех хьо кІелхьарвоккхур ву, тІам тІехь туьрах а ларвийр ву. Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву, бохам хьайна тІебеача, цунах хьо кхера ца веза. ХІаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву, акхаройх а хьо кхоьрур вац. Аренгахь долчу тІулгашца а хьан барт хир бу, акхарой а хир ю хьоьца машарехь. Ма кхера цІеххьана тІебогІучу бохамах я Іеса нах хІаллакьхилар хилча, Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац. Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу! Везачу Элан дош ма цІена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дІахІоьттира. Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Шайн кІелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тІе кхуьссу. ХІуманах а ца кхоьруш, цара цІеххьана цунна тІе уьш кхуьссу. Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо. Цаьргахь массаьргахь а тарраш ду, уьш тІамана говза бу. Буьйсанан кхерамех лардан тур ду цаьргахь хІорангахь а.
Выбор основного перевода