Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза. Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо. Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со, Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тІома кІел лечкъар ву со, сайн бохамаш дІабовллалц. Вехийла со даим а Хьан цІа чохь, къайлаволийла со Хьан тІемаш кІел. Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ІиндагІехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дІасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дІахІиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а». «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
Выбор основного перевода