Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХІунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тІема а далий, шайн лома тІе дІагІо? Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чІагІонан меттиг а, дийначийн лаьтта тІера сан дакъа а Хьо ду».
Выбор основного перевода