Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цІа а, хьан ден цІа а массо а хенахь Сан бІаьргашна хьалха гІуллакх деш хир ду“. Амма хІинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цІе сийсаза йоккхуш верг юьхьІаьржачу а хІуттур ву. Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагІашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла. Ахьа доІа дича, Цунна дІахезар ду, тІаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ. оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргІатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. „Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дІахьулдина а хІуманаш дІакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Милла а Суна гІуллакх деш верг Суна тІаьхьахІуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гІуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».
Выбор основного перевода