Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойх цхьанна а хІумма а хир дац, царна жІаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хІума хир дац царна. ТІаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хІун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“. Шун цІенош тІехь долу цІий Суна билгало хир ю. ЦІий гича, Со шуна уллохула тІехвер ву. Ас Мисар-махкана таІзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. Дикачу адамашна тІе цхьа а бохам богІур бац, ткъа Іеса нах вочу хІуманех тІехбуьзна хир бу.
Выбор основного перевода