Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со, йоІбІаьрг санна, ларвехьа со Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со. Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со, Цо тарха тІе а воккхур ма ву со. Адамийн питанех Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш. Дуьхьал лоьчу меттанех Хьайн ІиндагІехь къайлабоху Ахь уьш. Хьо волчохь ю сан дІалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кІелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна. Мел чІогІа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тІемийн ІиндагІехь адамаша шаьш лардойту. Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агІонгахь долу ІиндагІ ду. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Царах хІора а мохана дуьхьал йолу дІалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тІе доьжна лекхачу тархан ІиндагІ а санна хир ду. Юха а бирзина, цуьнан ІиндагІехь Іийр бу уьш. КІа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагІаран санна, церан хьожа хир ю.
Выбор основного перевода