Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша латийна массо а къинош хьанна го? Сан къайлаха долчу къинойх цІанвехьа Ахь со. Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хІинца Ас хьуна тІехдеттар а ду, хьан бІаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу. Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду. Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула кхел ечу дийнахь. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода