Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду, цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хІаллакьхуьлу. Зезаг санна, гучу а волий, маргІалвулу иза. ІиндагІ санна, водий, дІавоьду иза, къайлаволуш. ГІан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дІавоккхур ву иза. Хи тІедалар санна, тІекхочур ду цунна Іадор. Буьйсанна шайтІанан мохо иза дІа а хьо. Самабевлча, дІадовш долу гІан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла. Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь. Іесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дІабаьхна хиларх. Адамийн денош а, тІеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а. Озо боху: «ДІакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХІун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, Везачу Эло царна тІе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду». Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хІунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кІантах? Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу.
Выбор основного перевода