Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а, догІанна тІаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а. Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, цІенна ха дийраш а ластабале, нуьцкъалнаш а саттабале, кІеззиг бисарна хьерахь болу зударий кІа ахьа а совцале, корах арахьоьжучу зударийн бІаьрса кхолале, араволу неІарш а дІакъовлале, хьерарчу тІулган гІовгІа а сацале, олхазаран озо хьо сама а ваккхале, эшарийн гІовгІа чекх а ялале. Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, хьо лакхенах кхоьру хан а тІекхачале, некъан халонех а хьо кхерале, миндал-дитто шен заза а хецале, цаьпцалг меллаша а такхале, дахаран чам а хьан дІабалале. Адам Іожаллин цІа чу ма доьду, ткъа белхар хІоттон берш хІинца а урамашкахь лелаш бу. Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, дато зІе а хадале, дашо кад а кагбалале, шовданан коьртехь кхаба а йохале, хин хьостанехь чкъург а кагъялале, ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегІ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.
Выбор основного перевода