Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара, Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо. Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а. Веза Эла! Ахьа синтем дІахІоттабо тхуна. Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина. Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахІиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. Муьлххачу а аша олуш долчунна тІехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гІуллакхашна тІехь а, иракара а хІиттош, Дала чІагІдойла шу.
Выбор основного перевода