Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагІийн кхардарх къахкарна, церан мостагІий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хІара-м’“. Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац. Муьлххачу а хенахь сан дІалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна. Ахь дош делла со кІелхьарваккха, цундела Хьо сан чІагІо а, гІап а ю. Хьан Іарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву. Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дІахІиттадале, Цундела ахьа цу нахе дІаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дІабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цІа санна хир ву уьш дІабаханчу мехкашкахь’“.
Выбор основного перевода