Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Тхо юха дендийр дац те Ахьа, Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта? Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла! Іуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна, хІунда аьлча Хьох тешна Іаш ву со. Со дІаваха веза некъ гайтахьа суна, хІунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду. Царах хІора а мохана дуьхьал йолу дІалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тІе доьжна лекхачу тархан ІиндагІ а санна хир ду.
Выбор основного перевода