Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду, дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду. Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьІа, цо Хьуна эшарш а лоькху. Хьан цІарна эшарш лоькху цо!» Юхаверзаве хІорра а Сан цІарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а». Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догІур ду, – боху Везачу Эло. – Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла». Цул тІаьхьа со дІахьаьжира. ТІаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дІаеллаелира.
Выбор основного перевода