Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, „Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела, Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта. Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо, хІунда аьлча Везачу Элехь хедар боцу безам бу, Иза массо а хенахь нах паргІатбаха лууш ву. qac Кqac*ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу. ТІаккха цо доІанна тІехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гІала, хІунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.
Выбор основного перевода