Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Гqac*айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна. Хьан безам сан бІаьргашна хьалха ма бу, Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву. Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со. Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со, сан мостагІий сан тергам беш хиларна. Со харц некъа тІе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа. Хедар боцучу дахаран некъа тІе Ахьа со ваккхахьа. Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Іамавехьа со. Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тІехула вуьгийла со.
Выбор основного перевода