Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира. Ахь валарх кІелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта. Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна, амма юха а со денвийр ву Ахь, лаьттан кийрара гІаттор ву. Иштта, чагІаро Іехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Іожалла санна, цкъа а Іебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тІе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».
Выбор основного перевода