Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, „Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Хьуна къера хила царна ца лиира. Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гІуллакхаш царна дицделлера. Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара, шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама. Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо! Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву. Ахь уьш дІа ца тесна, Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. qac Зqac*аманашкара Шен Іаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву. qac Иqac*штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгІаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу. ТІаккха цо доІанна тІехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гІала, хІунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.
Выбор основного перевода