Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела. Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай, дІахазахьа сан дешнаш. Хьайн лерг суна тІедерзадехьа, со кІелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чІогІа гІап санна хилахьа суна, со кІелхьарваккхархьама. Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гІайгІа бехьа! Хьо ву суна гІо дийриг а, со паргІатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа! Хьан юьхь-дуьхьал дІакхочийла хІара сан доІа. ЛадогІахьа хІокху сан орца даккхаре.
Выбор основного перевода