Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. Везачу Эло боху: «ГІоттур ву Со мискачара хьоьгучу Іазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кІелхьардовлар лур ду Аса царна». Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву. Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кІелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дІахезар ву. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода