Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хІун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гІуллакх тІехь Иза шуьца ву. Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой? ЦІеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел? Кхел ечу хенахь дика дац Іесачу стагана озабезам гайтар, и хІума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.
Выбор основного перевода