Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хІусамдас, лай Далла хьалха а хІоттийна, неІарна я неІаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Іуьрг даккха деза, ю а Іоьттина. ТІаккха лай тІейогІу мел йолчу хенахь хІусамдена вуьсур ву. «Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хІун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тІера дІа а дирзина, шайна сагІа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла? Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таІзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цІандалаза долу ПаІора дина зулам кІезиг дара вайна? ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна. Баркалла ала деланийн Далла – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Махкана баьлла пайда цуьнан массо а бахархошна хила беза. Ткъа паччахь шен мехкан аренаша лун долчун бала кхочуш хуьлу. Кхел ян гІаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама. Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а,
Выбор основного перевода