Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь уьш, буржалш а тоьхна, Іазапехь латтош белахь, Байлахь висинчунна а, Іазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо, лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гІело йинарг гІело еш волчух ларве, тІевеаначу стагана гІело ма е, иза дІа а ма тетта, бай а, бисина Іаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цІий а ма Іанаде хІокху меттехь.
Выбор основного перевода