Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза Іожаллин новкъа ваьккхинчул тІаьхьа, цуьнан кошана улло гІарол хІоттадо. Амма адам, цуьнан мел доккха хьал делахь а, гуттаренна а ца дуьсу оцу лаьттахь. Иза а тарло леш долчу бежанех. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш, Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дІайоккхур ю. Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хІордана юккъехь хІаллаквийр ву хьо. ТІаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со – Дела ву›? Хьо хІаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жІаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“». Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тІекхача ца гІертийта а. ХІунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Іожалле дІахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дІабохуьйтучу метте дІабохуьйтур бу».
Выбор основного перевода