Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
со къайлавоккхург а Хьо волу дела, сан мостагІашна дуьхьал онда бІов санна а Хьо волу дела. ХІара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тІехь Іаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо. Царна гойтуш, хьайн ларча белш тІе а йиллий, Іаржлучу хенахь дІагІо. Хьо муьлхачу агІор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дІакъовла, хІунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дІахІоттийна». Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кІелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТІаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дІа а хІуттур ву хьо. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха.
Выбор основного перевода