Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх! Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг! Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгІаз а вохуьйтуш. Везачу Элера ду тхан турс, Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь. Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца. Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина.
Выбор основного перевода