Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тІе а дерзадай, Цунна гІуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гІуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш. Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю. Хьан кхел кІорга хІордаш санна ю. Адамаш а, бежанаш а Іалашдо Ахь, Веза Эла! Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тІе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар. Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гІуллакхаш дина!» хІунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гІуллакхаш дина дела. Цуьнан цІе еза ю!
Выбор основного перевода