Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргІатваккхахьа. Хьайн лерг суна тІедерзадехьа, со кІелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чІогІа гІап санна хилахьа суна, со кІелхьарваккхархьама. Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гІап санна Хьо хиларна, Хьайн цІеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тІехь урхалла а дехьа. qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа. Сох мостагІий ма кхардийтахьа. qac Бqac*ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьІаьржачу хІуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьІаьржачу хІуьттур бу.
Выбор основного перевода