Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина, тхо дІасатехкадолуьйту чагІар малийна Ахь тхуна. Тхо юха дендийр дац те Ахьа, Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта? хІунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу, эхартах сан са кІелхьардаьккхи Ахь. Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю. Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагІчу дийнахь ира а хІиттор ду. ТІаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь. Цара Іахарца тІом бийр бу. Ткъа Іахаро царна тІехь толам боккхур бу, хІунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».
Выбор основного перевода