Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кІелхьардолийла – даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кІел ду. МостагІий шун юьхь-дуьхьалара дІа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХІаллакбе!“ Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву! Якъубан халкъана толамаш бахар лохьа! Делан стеган Мусан доІа. Везачу Элах хьайн гІап йина ахь. Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь. «Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла.
Выбор основного перевода